Май беттан 23 дийнахь Нажи-Юьртан кӀоштарчу Шовхал-Берд юьртара школехь дӀайаьхьира Байсагуров Супьянан «Таймин Бийболат», «Туьран ӀиндагӀехь» цӀе йолчу романашна лерина цхьанакхетаран суьйре. Гулам вовшахтоьхнарш бара: школан директор Жабраилов Р.Н., юьртан библиотекан №29 - йолу Филиалин заведующий Адамова Д.С.
Гуламехь дакъа лоцуш бара Яздархойн Союзан декъашхой Хьалим Бурчаев, Машар Айдамирова, Ӏумар Саиев, Аюб Джунаидов, Хьусайн Джебиев, Казбек Янсуков, журналистийн декъашхо Абу-Саид Анасов, нохчийн меттан талламан масеха белхан автор Юсуп Амаев.
Иштта гуламехь дакъа лецира Супьянин юьртахоша, цхьана дешначара, иштта кхин болчара а.
Гуламехь йийцаре йира романаш, иштта 2023 шо «Нохчийн меттан шо» - аьлла билгалдина хиларе терра, цуьнан мехаллаш а йира йийцаре.
Гулам вовшеха марзо оьцуш, ца бевзарш бевзаш хаза чекхбелира. Гуламехь цхьанакхеттарш - 57 стаг.


